Вер-витар [Магомед-Салах Гадаев] (fb2) читать онлайн

- Вер-витар 388 Кб, 8с. скачать: (fb2)  читать: (полностью) - (постранично) - Магомед-Салах Гадаев

 [Настройки текста]  [Cбросить фильтры]

Магомед-Салах Гадаев Вер-витар


(Хьалха лелларш)

Суьйренашца шовданийн кортошка (мехкарша хиш оьцучу меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха йарташкара нах. Берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртахь. Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш.

Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а. Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш.

Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хаттала. ХIетта догIа а тийна, къегина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча йеанарг. ТIаккха, шаьлта баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг. Вукхарех цхьаммо схьаластийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй цу доьжначу куьйгана тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна, охьавиллинера шен ваша вийнарг.

– ЭхI!.. Иштта-м хир дац! – аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьллуш, хьалаайвелира Аласха.

– Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа! – аьллера Ирсхана, чоин йух лаьцна, Аласха охьа а озош.

– ЭхI!.. Ваьгна а хилла, – аьлла, шен метта охьахиънера Аласха.

Йукъабоьллачу наха дов а сацийнера, кхин дехьа ца долуьйтуш, машар а бинера, Аласханан йоI Ирсханан висинчу кIантана а йалош. Йукъахь хьагI-бода ца хилийта. Гергарло чIагIдалийта.

«Ишта-ишта, машар а хили, хьо дIайига а баьхкина ворданца», – аьллера йоIе. Божал чохь хиллера йоI хIетахь, кхо доккхуш.

Меллаша баьхьа дIа а хIоттийна, ворданехьа йолайелира йоI. Ша ма-хиллара. Кхоша буьзначу берзинчу когашца.

– Собарде, ши ког а цIанбе, тIе хIума а йуха, маре йоьдуш йу хьо, – аьллера гонахболчара.

– Э-э-э, и аш дуьйцу маре дац хIара, – аьлла, вордан тIе йаьллера йоI.

Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттина лаьмнашца йолчу меттигашкахь. Йалх, бархI сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахакахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах.

Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса. Хьан вийна а ца хууш. Хьуьнан йуккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера. Берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха йуьхь тIе шаьлта йиттинера. Шина агIор йохуш. Йуьхьан амат дитина а дацара.

Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.

Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара:

– хIара сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта хIара. Маьждигера барам а ба.

Орца деанера эвлара. СебаргIарна гена воццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а йуккъехь. Цо аьллера, Сайде а хьаьжна:

– Ма йоккха эрчалла йу хIара. ХIара болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма йац, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра. Йа сийсара а, йа тахана а цIахула гуш а дац.

– Дера хаац, Болатмирза, хьенан жIаьла ду-м, – аьллера Себара, – вуьшта, жIаьла хилар гуш ду. Хьеннан и делахь а, цунна гечде ма ала соьга. И ца алийта, хIара сурт ма-дарра шуна гайта, дехна ас шу схьа. Тамехь ца хетташехь.

– Эр дац! – наха а аьллера. – ХIара санначунна гечде олуш а ца хуьлу.

Хила а хиллера Сайда вийнарг Болатмирзин «жIаьла» – Саьлмирза: йуххерчу хьуьн чохь БолатмирзагIеран диг а карийнера цIийша а дуьзна, ткъа мича вахна ца хууш Саьлмирза а вайнера. Цу тIе, Сайдега йан дагахь йолу йоI йезаш Саьлмирза хилла хилар а хиънера Себарна. «Шена новкъара ваккха вийна. Хьул ца луш Iан стогалла а ца хилла, ведда», – сацийнера Себара. Болатмирзах хабар а тоьхнера: хьоьца хIумма а дац шен, цIера а ма вала, къехка а ма къехка. Амма Саьлмирза лохур а ву ша, вуьтур а вац ша, аьлла.

Ши-кхо шо а даьллера Саьлмирзин лар а ца хаалуш. ТIаьххьара а хиънера: геннарчу цхьана йуьртахь Iаш хиллера иза, шена кхин цIе а тиллина, ваьлла меттиг харц а йийцина. И дIасаволуш долу некъаш а хааделлера. Цкъа кIело йича, карахь цхьа а герз доцуш нисвеллера. Эвла йистерчу варшахь. КIант а хиллера Себарца – Асхьаб. Шен вешин эрчайаьккхина йуьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолуш верг. Амма Себара тохийтина йацара, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехк буьллур бу аьлла. Гучу а ца бовлуш, IадIийнера хIорш.

ШолгIа, кочахь топ а, йукъахь шаьлта йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин цхьа стаг хиллера. Нехан стагана йуххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера.

Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина хIорш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза. Ша. Йукъах шаьлта йолуш.

Шега тохийтахьара цунна топ аьлла, хьаьвзинера Асхьаб. Ткъа дас аьллера:

– Цуьнгахь топ йац. Тапча йац. Цуьнгахь йерриг тухур йу вай а.

Шен топ кIанте дIа а йелла, Саьлмирзина дуьхьалвала кечвеллера Себар. Шех бIаьрг кхетча, и вухур вуйла хууш (цуьнан «стогалла» йевзаш), жимма тIехъозавалийтинера. ТIаккха, цIокъберг санна, гIар-тата доцуш кхоссавелла, пхьарс лаьцна, сацийнера. Шегахьа схьа а верзош:

– Iайт, жIаьла, йаI, жIаьла! ХIинца-х ма ду хьо сан карахь! – аьлла, хьалха дIахIоттийнера. Пхьарс дIа а хоьцуш. – ХIинца ас тоьдур ву хьо. Боьрша хетта а тоьдур вац. Цу ахь диначу ирчаллина тоьдур ву. Адамах къахета адамалла-м хьоьгахь йан а йацара. Берахь дуьйна а! Цицигашкахь, жIаьлешкахь, бежнашкахь ахь даллочу Iазапо а гойтуш дара иза-м. Вуьшта, эхь мукъане а хIунда ца хийтира хьуна, наб кхетта Iуьллучу адамна коьртах диг тоха? Цул тIаьхьа цуьнан йуьхьа тIе шаьлта йеттар, хIун дара хьан? Цкъа тоьхча а, иттаза тоьхча а ца Iебаш! И хьайчул цIена хилар дара?.. Хьай, наьIалт хила цу хьан боьхачу йуьхьа тIе! Боьрша йоцу хIума! Схьайаккха хьайн шаьлта! Ас тухуш йу хьуна хIинца!

ТIаккха, баттара йаьккхина, шаьлта тоьхнера Себара Саьлмирзина. Аьрру агIорчу белша тIе. Дукха чIогIа ца тухучу дагахь тоьхнера, охьавоьжна валале дикка теда ойла йолуш. Амма чIогIа тоьхна хиллера: гIабакхах санна, чуйахна иза, аьтту агIорчу тIа тIе хIоьттинера. Саьлмирза охьавоьжнера.

ТIаккха варшара схьаваьлла Асхьаб хьаьвзинера Саьлмирзан йуьхь ата лиъна.

– Мегар дац! – аьллера Себара буьрса. – Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана. Дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОьгIазвахарх, йицйан мегар дац адамалла.

Буьйсана гулделлачохь, «кхераме» хIуманаш а дуьйций (шайтIанаш а, белла нах а хьехабой), «майралла» къуьйсуш хуьлура бераш: «Маьждиган мимар чу куй билла мила ваьхьар вара?» – бохуш. Бераш хьовха, дикка андабевлла кегийраш а хуьлура цу къийсамашкахь дакъалоцуш, дукха хьолахь кегийнаш дIахоьхкуш.

Оцу андабевллачех цхьамма – Юнасан Iелас – йукъадаьккхинера цхьана буса, «Шийлачу шовданера» хи дан ваха мила ваьхьар вара, бохург.

Эвлана башха генахь а ца хиллера, амма дукха буьрса, дийнахь а стаг ваха озалуш меттиг хиллера и «Шийла шовда» эриг. Йуькъачу хьуьн чохь. КIоргачу Iин чохь. Луьста къух даьлла. Черчий, хьакхарчий, берзалой, цIокъбергаш хуьлуш (хабарехь)!

Ша ваьхьар вара, аьллера Эскарханан Илеса. Пхийтта-йалхитта шо хир долуш волчу.

Илес дIаволавеллера, цIера чIуьжалг а оьцуш воьду ша аьлла. Ткъа Iела, дуьхьал дол-долчухула оьккхуш, цунна кIелхаа вахнера, иза кхеро.

Шалго тапчанаш хуьлура хьалха, тIехь-кIел эчигаш а йолуш, цхьа зIок а йолуш. Цу зIакар тIера цхьа пIилдиг хьала ца саттийнехь, ший а йолура, цкъа йожийча. И тапча а йаьхьнера Илеса цIера, дех лачкъийна.

Йула а йуьйлина, карахь и тапча а йолуш, готтачу гIашлойн новкъахула хи долчу Iин чу воьссинера Илес. Йуххерчу бердах буьйсанан олхазарша хьоькхучу цIогIаша дегIе зуз а оьхуьйтуш. ЧIуьжалг хих а йуьзна, хIара вухавоьрззушехь, йуххерчу йарашлара цхьа хIума хьалаайайеллера, боьха мохь-цIогIа а хьоькхуш…

Цул тIаьхьа хилларг дагадогIуш а, дийца хууш а ца хиллера Илесна.

Цхьана куьйгахь хих йуьззина чIуьжалг а йолуш, вукху куьйгахь йаьсса тапча а йолуш, берийн тобанна йукъаиккхинера Илес. Хьераваьлларг санна. Вистхилалуш а воцуш.

Шекбевлла бахначарна Iела карийнера йарашлахь. Велла. Нийсса даг тIе кхетта хиллера ши хIоъ.

Шен кIентан валар муха хилла а хьаьжна, Юнаса хабар тоьхнера ЭскархангIарах: цIера довла ма гIерта, цхьа а тайпа чIир-гамо хир йац вайна йукъахь аьлла.

Хила а ца хиллера.

Йух-йуххехь йолчу шина эвлахь ши доттагI хиллера – Езед а, Iумар а бохуш. Цхьацца йиша а хиллера шиннен а: Iумаран – Усамат, Езедан – Селихьат. ЦIе йоккхуш мехкарий хиллера уьш. Вовшийн керташка лесташ а, цхьаьна буьйсанаш йохуш а, ловзар-белхех цхьаьна хIуьттуш а. Йиллина бохург санна, цхьаьний хиллера ши йоI.

Шен тодаларехь, дузарехь, кхиарехь цхьана лакхенга а кхочий, талха долалуш ду хIора хIума. Диалектически кхиаран закон ду и: дацарера хилла догIуш дерг йуха дацаре дIадоьрзу. ЦIеначу буха тIехь таса а делла, лартIехь лелаш долу адамийн доттагIалла доцург, оцу законах хьалха долуш хIума дац. Амма лартIера даьлча, адамийн доттагIалла а кхета оцу закона кIел. Вай хьехош берш а кхеттера.

Шайн доттагIалла шеллуш хиларан шеко лелхаш хиллера Езедна: Iумар наггахь бен вогIуш ца хиллера, ткъа веача а, буьйса йаккха соцуш ца хиллера, хьалха санна. Амма иза белхан сихаллина туьдуш хиллера Езеда. Ша а волу дела денна балхахь. Цу тIе, Усамат а сих-сиха йогIуш хиллера. Могаш йоцуш чохь сецначу Селихьатца буьйсанаш а йохуш. Хьалхачул а чIогIа хьастайелла а хиллера Езедца. Гуттар забарш йеш. Ловзуш. Наггахь, Езед реза воццушехь, ловзар тIех а доккхуш.

Цкъа сарахь, IумаргIаьрга а вахна, буьйса йаккха сецира Езед. ЦIахь гIуллакхаш доллушехь. ДоттагIалла «дохадан» гIоьртачу чоьтехь.

ШолгIачу дийнахь Iуьйрре, хIара сама а валале, йуххе охьа а хиъна, ловзайаьллера Усамат:

– ХIей, самавала! Хьан доттагI а балха ваха. Берриш а цIера бевли. Вайша бен, садоIу дегI дац кертахь. Меттаххьа! – бохуш, там болчу а, боцчу а куьйгаш Iитта йоьллера.

Цу ловзаран «дикалла» шера ган а гина, Усамат дIа а кхуссуш, хьалаиккхинера Езед. ТIаккха Усамата аьллера:

– Ваттай, хьо ма чIогIа лела! Нах-м ца лела, хьуна, иштта чIогIа.

– Нехан болх хаац суна, вуьшта ас-м хIара шаьлта йеттар йу хьуна, кхин хьо суна аьттехьа гIортахь! – аьлла, йукъ а йихкина, цIехьа волавеллера Езед. Усамата аьллачун ойла а йеш.

Цуьнан «нах» Iумарна тIе даьхьнера, ткъа Селихьатан цамгарна шек а ваьллера.

ЦIа кхоччушехь, нене дIабийцинера шен дегабаам. Нанас даре динера. Йелха а йоьлхуш. Бердах эккха гIерташ йолу Селихьат ша хала сецош хилар а хаийтинера. Дех лечкъа а деш.

Ткъа Езеда дега дIадийцинера дерриг а. Хатта а хаьттинера:

– ХIун дан деза-те?

– Iумар схьа а ваийтина, шаьлта Iиттина, Iиттина, хьуьлла эвла йистерчу кхелли тIе кхосса деза ший а! – аьллера дас Абубакара.

Иза дан а динера.

Иштта-иштта болх хили аьлла, хабар дахьийтинера Абубакара Iумаран дега Iелим-Солте. ЧIир-мир муххале а ца хьехийнера Iелим-Солтас. Мелхо а, баркалла аьллера. Схьа а веана, Абубакарна мара а кхетта. Шен кIентан дакъа долчу агIор корта ца хьовзош, дIа а вахнера.

– Iиллийта кхелли тIехь жIаьла, – аьлла.

Базарара гIуллакх чекх а даьлла, йуьстахваьлла, лаьтташ хиллера ХIарон. Накъосте хьоьжуш. Луларчу кIотарара цхьаьна веана хиллера хIара шиъ. Цхьаьна цIа ваха везаш а хиллера.

Иштта лаьтташ ХIарон волуш, цхьа кхин стаг веанера кхунна тIе. ХIара вевзаш, амма кхунна вевзаш воцуш. ХIаронан хеннара эр долуш стаг хиллера. Шовзткъе иттех шо хир долуш. Амма чIогIа бос баьхьна хиллера. Цхьа хIума лоьхуш санна, кхерсташ ши бIаьрг а болуш. ХIаронца къамел доло а гIерташ, цунах дош ца хуьлуш, воллуш хиллера и стаг. Цо лелориг лартIехь дацар а гуш, хIун ду ца хууш, лаьтташ ХIарон а хиллера.

Оцу минотехь цхьа кхин схьаваьллера базаран йуккъера. Карахь топ а йолуш. Гергахьа а гIоьртина, гIап-аьлла топ тоьхна, ХIаронца лаьтташ верг охьавиллинера цо. И охьа а виллина, дIаволавеллера.

– Собарделахь, хIай, къонах! ХIара хIун ду ахь динарг? ДIа ма гIолахь! – бохуш, тIаьхьа ХIарон а волавеллера.

– Суна тIаьхьа ма гIерта, ас вийнарг сайн мостагI ву! – аьллера вукхо.

– Ой, ткъа, суна йуххе а хIоттийтина ца вийча, кхин меттиг йацара хьуна и вен? ТIаьхьа а гIертар ву, дIа а вохуьйтур вац! – аьлла, тапча йиттина, вийнера ХIарона и стаг.

* * *

Дагахь хIиттийна суьрташ а доцуш, билггал хилла хIуманаш ду и дийцинарш (цундела йартийн цIерш а ца йаьхна, нехан цIерш а кхин йу).

ХIинцалерачу хьесапехь, «акхаралла» йу и, амма дегнаш «къиза» долуш, кхетамаш «акха» болуш лелийна долу «хIуманаш» дац уьш. Къоман исторически кхиаран хьелашкахь иэшарна кхолла а делла, хIетахьлерачу йукъараллин дIахIоттаман хьашташна гIаролехь лаьттина долу законаш ду уьш. Кхечу ламасташца цхьаьна, вайн къоман «йуьхь», цуьнан оьздангалла меттахь латтийнарш ду.

ХIинца оьшуш дац: хIинца Iедалан законаш ду лелош. Амма, хIетахь уьш ца хиллехь, къоман лаккхара мораль Iалашлур йацара. Дикачу агIор йаьржина хир йацара вайн жимачу къоман цIе доккхачу дуьнен чу.

Цецваллал тамашийна дерг кхин ду: оццул «акха» долу и законаш а лелийна вайн дайша йоккхачу оьздангаллица (масала, карахь герз доцуш хилча йа нехан стагаца хилча, мостагI цавер, кхидерш). Духовни культурин лаккхарчу тIегIанаш тIехь бен хила амал доцург ду и.

Цуьнга хьовса безаш бара (цуьнга хьовса безаш а бу!) хIинца дастаме бевлла лелашберш.